Get Mystery Box with random crypto!

I. Б1аьстенан суьйренах суьйре ю т1ейог1уш Шовдане гулбелла на | Irch_stag

I. Б1аьстенан суьйренах суьйре ю т1ейог1уш
Шовдане гулбелла нах
Сатийсар сов даьлла безаман ц1е йогуш
Лаьтта со ягийна ахь

Припев:
Ас хьуна кхиийна аренца зезагаш
Волахьа цаьрга хьажа
Х1унда ву кхьоьлина
Лоьху те безамаш
Дог догу хьоьга хьежахь (2 раза)

II. Эсалчу дешнашца хийла ас хьистина
Хьо ваз ван дешнаш лехна
Хьуна т1е некъаш деш
Ламанаш цистина
Хьоьца ирс кхоллар дехна

Припев:
Ас хьуна кхиийна аренца зезагаш
Волахьа цаьрга хьажа
Х1унда ву кхьоьлина
Лоьху те безамаш
Дог догу хьоьга хьежахь



@dozallado
@irch_stag