Get Mystery Box with random crypto!

Безаман цу ц1аро ягийна лела, Ойла,сан Хьомениг,хьо волчу хьий | Irch_stag

Безаман цу ц1аро ягийна лела,
Ойла,сан Хьомениг,хьо волчу хьийза.
Хьан б1аьргийн и суйнаш даг чуьра довлац,
Хьан хаза, еза ц1е даг чуьра ялац.

Хаалахь,сан дог ду безамах догуш,
Везачу к1антана ша иллеш дохуш.
Хаалахь,сан дог ду даимна доьлхуш,
Хьо варе сатуьйсуш, безамца дехаш.


Мостаг1чух тарвелча санна хьо лела,
Ца евзаш санна со т1ехвуьйлу хийла.
Куралла еш суна, кхечуьнга хьоьжу,
Кийрара сан дог шина декъе доькъуш…